Гимн Чеченской Республики Ичкерия
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
Ӏуьйранна лом угӀуш тхан цӀераш техкина.
Лаилаха иллАллах.
Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш тӀехь дой хьийзо дайша тхо Ӏамийна.
Лаилаха иллАллах.
Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра дӀахӀиттина.
Лаилаха иллАллах.
Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
Халонех, бохамех курра чекхдийлина.
Лаилаха иллАллах.
Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах,
Дахарехь, къийсамехь яхь оха дӀалур яц!
Лаилаха иллАллах.
Бос Ӏаьржа ва латта молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац.
Лаилаха иллАллах.
Тхо цкъа а цхьанненна къарделла совцур дац,
Ӏожалла, я маршо — шиннех цхьаъ ёккхур ю?
Лаилаха иллАллах.
Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо,
Хьомсарчу бӀаьргаша хьуьнаршна гӀиттадо.
Лаилаха иллАллах.
Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаш бӀарздахь, бецан тхин мийра ду!
Лаилаха иллАллах.
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду,
Халкъана, махкана, Далла а муьтӀахь ду...
Лаилаха иллАллах!