Национальные гимны, патриотические песни — Chechen Anthem - Шатлакхан Илли (Şatlaqan Illi)

Национальные гимны, патриотические песни Chechen Anthem - Шатлакхан Илли (Şatlaqan Illi)

Текст песни

Харцоно цӏе тесна хийла хьо ягарх,

Нохчийчоь ца йоьжна, гӏаьттина яха.

Кавказан ткъес хилла, маршонан ага,

Хьан лаьттан сий дина яхь ёлчу наха.

 

Барт болу хьан къаьмнаш – мах боцу беркат!

Хьо ёцург, Нана яц, нохчийн халкъ хьаста.

Тхан дехар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь,

Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.

 

Башламан баххьашка дайн синош дуьссу.

Органа тулгӏено ненан мотт буьйцу.

Исбаьхьа совгӏат хьо, азаллехь делла!

Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!

 

Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,

Хьалкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна.

Машаран гӏаролехь ирсан некъ тайна,

Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!

 

Клип «Chechen Anthem - Шатлакхан Илли (Şatlaqan Illi)»

Видеоролики хранятся и модерируются сервисом YouTube. Отказ от ответственности

Заказать перевод Прислать свой вариант перевода

Текст песни Национальные гимны, патриотические песни Chechen Anthem - Шатлакхан Илли (Şatlaqan Illi) предоставлен в ознакомительных целях для личного развития.